Германера нана а, йоI а елла дIаяллалц набахтехь юьтур ю БагIдадан кхело
Мароккера схьаяьлла Германин яхархо, Надиян нана а кху Iай ен кхайкхийнера. ДаIишхошца ша йолчу хенахь цо динчу зуламашна бекхейо и зуда Иракъан кхело. ТIаьхьо кхело шан сацам хийцира, елла дIаяллалц набахтехь юьтуш.
Deutsche Welle хьостано билгалдаккхарца, 2014-чу шарахь нана а, йоI а Туркойчухула дIаяханера жихIадхоша шайн карахь латточу Шемарчу кIошта.
ТIаьхьо Мосуле дехьаяьллера и шиъ. ГIала даIишхойх мукъаяьккхинчул тIаьхьа Иракъан эскархойн караяхнера и шиъ.