Венесуэлехь дIалаьцна 11 журналист
Хьалхо Венесуэлан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 6 дIалаьцна ву аьллера. Шоьтадийнахь Каракасехь йоьдучу тIеман парадехь президентна Мадуро Николасана кIело йира. Къайлахчу сервисийн хаамашца, тIелатар деш пайдаэцнера, хIаваэхь лилхинчу дронех.
ВорхI стагна чевнаш йинера, Мадурана зен ца хиллера. Терактна бехке луларчу Колумбин Iедалхой а бу аьлла, чIагIдо Венесуэлехь.
Боготехь бехкаш бух боцуш лерина.