Мокох дIакхачийна Африкехь байинчу журналистийн декъий
Тезет хир ду кху беттан 8-чохь. Оццу дийнахь дIавуллур ву Джемал а, Рсторгуев а, Радченко а.
Вагнеран тIеман компанех лаьцна таллам бар Iалашонца вахана волу Оьрсийчуьра кхо журналист вийна Товбеца-беттан 30-чу дийнахь, Юккъерчу Африкан Республикехь. Иза билггала муха хилла хууш дац.