Шен салонийн маша бузуш ю Нохчийчохь МТС
Керлачу салонашкахь бахархойн аьтто бу шайн телефонаш МТС-н мобалан зIенаца хотта а, спутникан телевизионан каналаш тIетаса а, цхьанна гIоленех ахча дIадала а, интернет эца а, иштта дIа кхин а.
Карарчу хенахь Нохчийчохь болх беш ю МТС-н 13 салон. Кхин а цу тайпа ши меттиг схьайоьллур кестта ю Соьлж-ГIалахь а, Эвтарахь а.