Туркойн министршна дуьхьал санкцеш кхайкхийна Iамеркко
Вашингтонна хетарехь, и шиъ бехке ву Iамеркера пастор (мозгIар) Брансон Эндрю лаьцна набахтехь латторна.
Туркойн Iедалхошна санкцеш кхайкхийна, "Магнитскийн актца" а догIуш. Цу низамо бакъо ло Iамеркан финансийн министраллана цхьацца дехкарш дуьхьалдаха адамийн бакъонаш йохийначу нахана.