ЗаьIап берашна хьажийна берийн беш хир ю Соьлж-ГIалахь
Цо дийцарехь, таханлерчу дийнахь Нохчийчохь болх беш ю жимачу берашна хьажийна йолу 430 берийн беш. Керлачу "Туьйранан гIала" цIе йолчу хIусамехь кестта тIеоьцур ду 105 бер. Цигахь, кхин долчуьнца цхьаьна, церан аьтто хир бу пайда эца спортан а, музыкан а чоьнех а, ткъа иштта бассейнах а.