Джемал Орхан а, цуьнца хилла Оьрсийчуьра ши журналист а вийна Юккъерчу Африкан Республикехь
Болчу хаамца, журналисташ кхалхар тIечIагIдина цу пачхьалкхарчу Оьрсийчоьнан векалаллан а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан миссин а, ткъа иштта меттигерчу Iедалан а векалша.
Журналисташ совцийна хилла цхьанна а юй хууш йоцучу блокпостехь. Интерфаксан хьастано дийцарехь, уьш байина хIуманаш а, ахча а дIадаккха гIоьртинчу талорхоша.