Белградехь вийна адвокат Огнянович
Гаагерчу трибуналехь Югославин хиллачу президентан Милошевич Слободанан адвокатийн тобанехь болх беш вара иза. Сербин зорбанаша яздарехь, Сербехь а, Черногорехь а къиза зуламаш лелийнарш Iалашбеш а вара и адвокат.
Криминалан авторитетан Бойович Лукан адвокат хIоьттинера иза тIаьххьарчу хенахь.
"Блиц" хьостано Iорадаккхарца, тIаьххьарчу масех баттахь Белградехь вийна Бойовичан масех доттагI. Наркотикаш лелочу криминалан тобанийн тIамца доьзна ду и, газетан хаамашца.