Депортацехь хиллачу вайнахах керла документаш кхаьчна гIалгIайн архиве
ГIалгIайчоьнан Архиван фонде кхачор долуш ду и документаш аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле гIалгIайн пачхьалкхан архиван директоро Картоев Мохьмада.
Кху деношкахь ГIалгIайчоьнан пачхьалкхан архив вовшахтоьхна 25 шо дуьзна. "Оцу шерашкахь тхан коьрта Iалашо яра – къоман исторех документаш меттахIоттор", - аьлла Картоевс.