Титиевн кхеле 6 теш веана
Iуьйранна 10 сахьт даьлча йоло лерина процесс цхьайттолгIачух ткъе пхиъ минот яьлча йолийра. Титиев Аюб а валийна кхеле, хIинццалц видеозIенехула хеттарш деш, латтийна волу. Массо а цуьнан адвокаташ баьхкина кхеле - Новиков Илья, Заикин Петр, Дубровина Марина а.
Иштта баьхкина гергарнаш а, доттагIий а. Бу цаьрца "Новая газетан" журналист Милашина Елена а.
Кхелан секретаро даредарца, процессехь дакъалоцур ду ялх тешо а, вуьйш цабахкаран бахьанаш хууш дац аьлла, дийцина кхелерчу "Кавказан узел" агенталлан кореспонденто.
Хьалха жоьпаш дала чукхайкхира Майртуьпахь вина а, кхиъна а волу полицин сержант Юнусов Мохьмад. "Мемориалан" информацица, 2008-чу шарахь дуьнна ву иза цигахь болх беш.