Накъостан машен йигначу нохчочунна дуьхьал гIуллакх долийна
ГIалин цхьана урамехь хааеллера полисхошна йигина кхуьнан машен. Машен йигинчо, ша гIали юккъехула хахкавала ваханера, амма тила а тилла, юхаван ца хууш висинера ша аьлла, кхетийна.
Бехкзуламан гIуллакх даьккхина нохчийн кIантанан дуьхьал. Пхеа шаре кхаччалц хан йогIу цунна аьлла, яздо Сочерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан пресс-гIуллакххоша.