Кадыров Ахьмадан фондо 150 полисхо ХьаьжцIа вохуьйтуш ву
Нохчийчуьрчу бусулбачийн зиярте баха лаам дIабаьккхина мехаш даздаларна аьлла, дIахьедо меттигерчу бахархоша.
Зиярте боьлхучийн тептар вовшахтухучара нийсо лелор ю аьлла ца хета бахархошна. Цара бахарехь, озабезамашца шайн гергарнаш, бевза-безарш, юьртахой, тайпа-тукхумара нах а юкъаийзор бу Iедалхоша.
КарабогIучу беттан 7-чу дийнахь новкъаер ю ХьаьжцIа боьлхучийн хьалхара тоба.
Стохка Нохчийчоьнна 2600 меттиг белира ХьажцIа ваха, амма ши эзар кхоччуш а вацара ваха лаарца кехаташ чуделларг. Динан урхаллехь болчара бахарехь, 3100 эзар долларшкахь ахча оьшу Мекка ваха.