Немцов верна бехкебечаьрца шогалла лелайо набахтехь
Амма лецначара гIуллакх толлуш шайца юкъарло ца лелийча, гIуданаш детташ, шогаллаш лелийна цаьрца. Лецначийн адвокаташа а тIечIагIийна и информаци.
Дийцарехь, кIира хьалха Москохара комисси еанчул тIаьхьа дуьйнна Дадаев гIудадан изолятор чохь латтош ву. Дадаевца цхьана кхел йина Бахаев Хьамзат юьхьанца дуьхьал хиллехь а, шена колонехь кхерамаш тийсинчул тIаьхьа реза хилира полиграф тIехь хеттаршна жоьпаш дала.
Талламчаша жоьпаш лоьху Мухудинов Руслана а, Геремеев Руслана а оцу инцидентехь дакъалацарх, иштта хаа гIерта стенгахь къайлаяьккхина цара Немцов вийна тапча.