Дагестанехь цхьана кIиранчохь ши стаг вийна, цхьанна чевнаш йина
ГИБДД-н кхо белхахо чохь волчу машенна герзаш диттинера "Лада" автомобилчуьра Дагестанерчу Кизил-юртахь дахначу пIераскандийнахб.
Шиъ оцу сохьта велира, цхьанна чевнаш хилира.
"Исламан пачхьалкх" шех олучу организацино шена тIелаьцнера зулам. Хасав-юьртарчу тIемалойн тобанхоша дина хиллера тIелатар, полисхоша бахарехь.