ТIеман шерашкахь лечкъийна хилла музейн экспонаташ юхаерзийна Нохчийчу
"ХIора хIуманна тIехь йоза ду, дукхахйолчарна тIера йоза дайна, - дуьйцу Исаевс. – Делахь а хала дац къасто, нохчийн историна мехаллин, уьш ширачу заманара юйла. Ставрополерчу музейн куьйгалло тхоьга юха схьакхачийна и экспонаташ".
Нохчийчохь шина а тIамехь меттигерчу музейшкара мародераша лечкъийна, дIаяьхьнера иттанашкахь эзарнаш экспонаташ.