Iедалан чоьтах керла маьждиг дийр ду Батумехь
Маьждигах лаьцна хаттар делларг вара "Къоман боламан" векал.
"Аджари мултикултуран а, мултидинан а регион ю. Массеран а, бкъаонаш ларъян езаш ю. Юкъараллан хетарг тидаме а эцна, сацам бийр бу вай гергарчу хенахь. Маьждиг мичахь хир ду а, кхин дерг а дIанисдийр ду юкъараллан маслаIат хилар тидаме а оьцуш. Амма коьртаниг ду, маьждиг гуьржийн ахчанах дар", - элира Рижвадзес, яздо "Грузий онлайн" агенталло.