Шемарчу бахархошна гIо дар хьокъехь барт бина Оьрсийчоьно а, Францино а
Ша аьлча, шина агIоно барт бина гуманитаран гIо кхачо Димашкъана гергахь йолчу Малхбалерчу Гуте. Оьрсийчоь реза хилла цу гIуллакхна юкъаозо шен цу хьашташна кхоьллина йолу транспортан инфраструктура.
Гуманитаран гIо бахархошна дIасадоькъур ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан векалша.