Шема: Асадан эскарш улле гIоьртина Голанашна
Малхбузерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, Оьрсийчоьнан эскаран векалша юкъарло а лелош, барт бина цу кIоштахь герзаш деттар сацо.
Голанан лакхенашца Iуьллучу территорина урхалла дар шайн караоьцур ду Шеман Iедалша. Герз охьадилла лууш боцучу гIаттамхойн аьтто бийр буцара Шеман къилбаседерчу кIошташка дIабаха. Цу тайппаеп лелийра Асадан эскарша Малхбалера Гута а, Урданан дозанца йолу кIошташ а дIалоцуш.