Евробарто а, кхин а 5 пачхьалкхо а яхйина Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш
Оьрсийчоьно шех дIатуьйхира ГIирма 2014-чу шарахь, оьрсийн эскархоша Iуналла а деш, Украинин низамаш а дохош, дIаяьхьначу референдумо бина сацам кхочуш бон аьлла. Украино а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а иза дуьненаюкъара низам дохор лоруш санкцеш кхайкхийна Кремлна дуьхьал. Москохо лору ахгIайре дIалацар "историн нийсо меттахIоттор" санна.