Титиев "гучувоккхуш" сюжет гайтина Соьлж-ГIаларчу телевизионо
Ткъа иштта сюжетехь гойтуш вара Титиевс наркотикаш лелош хиларна теш хIоьттина Басханов Сулиман. Цу стага чIагIдарехь, туькана вахана вогIуш цигаьрка узуш лаьттачу стагана юххех волуш кIомалан хьожа кхетта хиллера цунна. Басхановс и хьожа шена дика евзаш ю, боху, ша кIомал ийзина а, и бахьана долуш чувоьллина хан яьккхина а хиларна.
Журналисташа билгалдоккху Соьлж-ГIаларчу телевизионо Титиев "гучувоккхуш" сюжет гайтина хилар, "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо хилла Эстемирова Наталья йийна 9 шо кхаьчначу дийнахь. Эстемирова йийна карийра ГIалгIайчохь 2009-чу шарахь Товбеца-беттан 15-чохь.
Титиев, наркотикаш лелийна аьлла бехке а вина, лаьцна латтош ву талламан изоляторехь кхушеран Дечкен-беттан 9-чохь дуьйна.