Газ иккхина 4 кIорабаккхархо велла Гуьржийчуьрчу шахтехь
Адамаш далар бахьана долуш тезетан де кхайкхийна Гуьржийчохь. Тбилисехь а, Кутаисехь а парламентан гIишлошна тIехула охьаяхийтина ю пачхьалкхан байракхаш.
Хилларг таллалц цу гIалара шахташ дIачIагIа аьлла, омра дина премьер-министро Бахтадзе Мумукас.