Москох хан кхайкхийна КIорIан сийсаздинчу блогерна
Бехктакхаман гIуллакх долийнера блогерна дуьхьал 2017-чу шарахь Чиллан-баттахь, "КъорIанах забар" цIе а тиллина, видео цо YouTube-хь дIахIоттор бахьана долуш.
2017-чу шарахь Охан-баттахь и видео экстремизман чулацам болчу материалашна юкъатуьйхира Оьрсийчоьнан юстицин министралло.