ДIовше сурсташца нохчий хIаллакбеш бу аьлларг могуш ца хилла
Ватсапехула кхечу мехкашкара тIебаьхкина нах республикера арабаха безар хьохуш, Кадыровга кхайкхамбинарг меттигерчу телехьожийле валийнера кхаарин суьйранна Iедалхоша.
YouTube-канале яьккхинчу видео тIехь, телекомпанин куьйгалхочо доьху арздинче ша дуьйцург бакъхиларан тоьшаллаш даладар. ДIовше химикаташ лелош а, я Гелдаганахь гиний хьуна китайхой а хоьтту вахархочуьнга. Ший а хаттар дацаре до вахархочо.
Цуьнан гергарчара тIечIагIдо, шайн стаг психикаца лазар долуш хилар а, цхьана заманчохь клиникехь молха-дарба лелийна а ву аьлла.
ХIара хилам дуьххьара бац Нохчийчохь. Дуккха а меттигаш бу Iедалхошна критика еш, жоьпе озийча дацаре деш.