Москох лаьцна Ганнушкина а, Орлов а
Москохарчу Манежан майданахь "Маьршаваккха Титиев Аюб" тIеяздина плакаташ хилла Орловн а, Ганнушкинан а карахь. "Китай-гIала" олучу полисхойн декъе далийнера лаьцна шиъ. Къепе йохорна аьлла, бехкебинчу бакъонашларъярхошна протокол хIоттор ду, полисхоша бахарехь.
Нохчийчохь кхел еш ю Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхочунна Титиев Аюбна, цо наркотикаш лелийна аьлла. Шен машенчу полисхочо тийсина ю наркотикаш аьлла, бехк тIе ца лоцу Титиевс.
Бакъоларъярхочунна дуьхьал айдина гIуллакх политикан бух тIехь ду бохуш, иза маьршаваккхар тIедожийна нохчийн Iедалхошна бакъонашларъярхойн организацеша.