Оьрсийн футболхоша дIагайти шайна ловза хаьий аьлла Кадыровс
"Тахана аьтто баьлла Хорватин...Амма оха дозалла до тхешан командех! Ловзархоша дIагайти, шайна ловза хууш хилар. Миллионашкахь болчу фанатийн самукъадаьккхи цара, финалан доьалгIачу декъе а кхечи. ТIейогIучу хенахь керла матчаш, керла чемпионаташ хир ю. Баркалла шуна, бераш! Станислав Саламович! Холча ма хIитта! Тхо шуьца ду, йоллу Оьрсийчоь ю шуьца!", - аьлла, дешнаш яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь.
Шоьта сарахь Сочехь Хорватица дIаяьхьначу матчехь Оьрсийчоь эшийра 4:3 чоьтаца.