Гуьмсехь а, Шелковскехь цIераш йийла кхерам бу аьлла
"Шозза тIекхетта буц, я нехаш ягийначунна туху гIуда. Масала, бахархоша хIинццал 2-3 эзар гIуда токхуш хиллехь, раж тIеэцначул тIаьхьа декхаре хир бу 4 эзар сом охьадилла. Нагахь цхьана организацино и низам талхийнехь, 150-200 эзарна тIера 500 эзар соьме кхаччалц гIуда кхачор ду", - чIагIдо Гуьмсан администрацехь.
Шоьтадийнахь тIеэцна и сацам Шелковск кIоштаца юкъахь Гуьмсан урхалхоша. Махкарчу орцан министралло информаци яржийра, тIехсов йовхо латтарна республикерчу хьаннашкахь, ярташкахь а цIераш йийла кхерам совбаьлла аьлла.