Титиевн довхаттар кхечу регионехь хилийта дуьхьал бу Нохчийчуьра кхелахой
Титиевн адвокаташ оцу махкахь бехаш цахиларца бакъонашларъярхо Iалашвечу Новиков Ильяс динера цу кепара дехар. Цул совнах, мехкан Iедалхоша кхелан системан векалшна тIеIаткъам бина хиларх а шайн болу кхерамаш дIахоуьйтура юристаша.
Адвокаташа Титиевн довхатта билгалъяьхначу меттигашлахь яра Москохара ши кхел. Карарчу беттан 25-чу дийне кхаччалц бакъонашларъярхо чохь вуьтуш, сацам хилла кхелахойн.
Дечкен-баттахь дуьйнна дIалаьцна ву Титиев Аюб. 180 грамм марихуана яьккхина шаьш цуьнан машенчуьра аьлла, дIакхайкхийра полисхоша.
"Мемориалан" бакъонашларъярхой тешна бу, цуьнга кховдийна бехк бух боцуш хиларх. Ша Титиевс тIе ца лоцу кхийдо бехк, полисхоша наркотикаш шена кхийсина ю аьлла цо.