Трамп кийча ву Путинца цхьанакхета
Bloomberg агенталло чIагIдарехь, Трампа а, Путина а дийцаредийр ду Шемара гIажаройн эскарш ара а даьхна, церан метта Димашкъана агIо латто эскар чудалорах. Хьостан хаамашца, Путинна ша цхьаъ хила лаьа Трампца, и тема йийцарееш.
Иштта шина агIоно дуьйцур ю Украинерчу хьолах а, Шемарчу конфликтех а, Оьрсийчоь Iамеркан харжамашна юкъагIортарх а.