Кхелан сацам: Харжамашна тIехьожучунна новкъарло яр харцо ю
Инцидент нисъеллера Алиев харжамийн куьпахь лела харцонаш тидамеэца воьлча, полисхоша араваьккхинера.
Кхеле арздинчу Алиевн агIор вара юрист Исмаилов Марат. Цо "Кавказ.Реалиига" дийцарехь, куьпан хIусамехь "фото а, видео а тоьшаллаш лехьорца новкъарло йора", аьлла кхелехь харжамийн комиссин векало.
"Низамо харжамашна тIехьожург балхах юкъахваккха бакъо лург кхел бен яц. Алиевс новкъарло йора бахар бух боцуш ду. Ас иза элира, кхелахо соьца реза хилира", - дийцира Исмаиловс.