Керлачу Iедало гуьржийн полисхойн алапаш хьаладаьхна
Гуьйренан президентан харжамаш гергакхочучу хенахь Iедал а, оппозици а полисхой шайна тIехIиттийта гIерта оцу кепашца. Карабеанчу баттахь дуьйнна гуьржийн полисхойн алапа 1150 лари хир ду (470 доллар), хIинцалц чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша оьцуш хиллачул а 100 долларна сов.
Бахтадзе Мамукин керлачу урхалло тIеэцна и сацам, дукха хан йоццуш Тбилисехь хIиттийна акцеш йоьлхучу заманчохь президент лаьттинчу Саакашвили Михаила полисхошка кхайкхамбича. "Къомаца цхьана хила", нагахь ша гурахь хинболу президентан харжамаш бахьана долуш Iедалан коьрте юхавагIахь, полисхойн белхан алапаш шозза лакхадохур ду аьлла, дош а луш.