Парижехь уьрсаца тIелатар дина Азимов дIавоьллина Нохчийчохь
Хууш ма хиллара, 21 шо долчу Нохчийчохь винчу Францин махкахочо Азимовс Стигакъекъа-беттан 12-чу дийнахь, цхьа стаг а вуьйш, виъ лаза а веш, уьрсаца тIелатар дира Парижерчу цхьана урамехула буьйлабелла лелачу нахана. Зуламхо полисхоша вийра, герз а тоьхна.
Таллам бар чекхдаьллачул тIаьхьа Азимовн дакъа дIаделлера гергарчаьрга. Мангал-беттан 18-чу дийнахь Iуьйранна иза дIавоьллина Нохчийчуьрчу цхьана эвлан кешнашкахь.