Муцураев Тимуран илли социалан машане даккхарна гIуда тоьхна
"Административан 1500 гIуда хьарчийна Веданан кхело меттигерчу вахархочух, экстремизме артиклаш ю аьлла, федералан тептаре яьхна материалаш яржорна аьлла, хаамбина "Кавказан узел" агенталле прокуратуран векало.
Муцураев Тимур шуьйра вевзаш ву Нохчийчохь тIеман шерашкахь дуьйнна. Оьрсийн маттахь дара цуьнан юьхьанца тIамах, тIаьххьара джихIаде кхойкху иллеш.
2010-чу шарахь Кемеровон кхело бардан 20 илли экстремистийн ду аьлла тептаре дехира, ладогIа а, даржо а доьхкуш.