Бусалба хIуманаш юхкучу туьканашкахь талламаш бина Соьлж-ГIалахь
Бусалба духар а, жайнаш а, кхин долу а сурсаташ духкучу туьканашкахь цу наха лоьхуш хилла экстремизман чулацам болу хIуманаш. Эшахь а аьлла, махбархой варе бина прокурораша, нагахь цу тайпаниг, къаьсттина Iедалша экстремизман ю аьлла лаьрра литература, карийна меттиг нислахь, бехкениг шаьш 15 денна чувуллур ву я цунна гIуда тухур ду аьлла.