7 миллион IP-адрес дехкар юхадаьккхина Роскомнадзоро
Дехкар юхадаьккхинчу адресашна юкъахь ду Amazon-ан адресаш а. Карарчу хенахь тIекхача аьтто боцуш дуьсуш ду Роскомнадзоро дихкина долу 3 милон сов интернетан адрес.
Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца Telegram дIакъовлар тIедожийнера кхелахошна Роскомнадзоро Охан-беттан 16-чохь. Цу урхалло ФСБ-не дIакхачаде аьллера Оьрсийчуьрчу бахархоша вовшашка дIасакхоьхьуьйту хаамаш босту догIанаш.
Оьрсийчоьнан Конституцино ца магадо шайна и информаци Iораяккха аьлла, Telegram-ан куьйгалло тIе ца дитинера церан дехар.
Технике диллича а, иза дан таро яц шайн аьллера компанино.
Шена хIоттийначу блоках хьалхаяла Telegram мессенджеро Amazon-ан сервисех пайда эцар бахьана долуш, Роскомнадзоро блок хIоттийнера Iамеркан Amazon-ан 2 миллион IP-адресана дуьхьал.