"Талибан" реза хилла Марха достуш тIом сацо
Кху беттан 7-чохь ОвхIанистанан президенто ГхIани Ашрафа махкахь дIакхайкхийна цхьана ханна герзаш деттар сацоран раж. Иза сатесна вара тIемаш совцо аьтто хила мега Мангал-беттан 11-чохь аьлла.
Ашрафа маслаIат кхайкхадале, парламентан харжамаш тIекхочуш а болуш, ОвхIанистанан Iедалша чIагIбинера тIалибашца шаьш дIахьош болу къийсам. Талибанан декъашхой дагахь бац парламентан харжамашкахь дакъалаца.