Кхаа денна леринчу визитца Китай вахана Путин
Оьрсийчоьнан президент цхьаьнакхетта Си Цзиньпинца а, кхин болчу а Китайн куьйгалхошца. Си Цзиньпинца цхьаьна Путин хахкавелира сихаллин цIерпоштана тIехь.
Си Цзиньпина Оьрсийчоьнан куьйгалхочунна елира Китайн Халкъан Республикан ДоттагIаллин орден, хаам бина Кремлан зорбанан сервисо.