Стаг лачкъийна аьлла бехкевен гIалгIай дIа ца хоьцу хIирийша
ХIирийн-гIалгIайн конфликт иккхира 1992-чу шарахь гIалгIай, хIирий бехачу Къилба-ХIирийн Пригородный олучу кIоштахь. Прокуратуран хаамашца, оцу конфликтехь 583 стаг вийра, 939-нна чевнаш йира, 261 стаг тIепаза вайра. Иттанашкахь эзарнашкахь гIалгIайн дийзира шаьш беха меттигаш дIатийса.
Пригородный кIоштан вахархочо Дзицоев Казбека, ша йийсарехь латтийнарг Чаниев вацара аьлла дIахьедича, Чаниевн адвокаташа дехар дира кхеле, иза маьршаваккха аьлла. "Кхелахошна хьалха, ша лачкъийначарлахь хиллачух тера ву Чаниев, амма иза вац элира Дзицоевс", - хаамбина Чаниевн адвокато Тепсаев Шерипа. Шоьтадийнахь хиллачу кхелан кхеташонехь дехар дIатеттина суьдхоша. РогIера кхелан ладегIарш тIедогIучу шоьтадийнахь нисдина.
Карладоккху, талламчийн версица, Чаниев цхьана а волуш вовшахкхеттачу тобано 1998-чу шарахь Пригородный кIоштан Тарское эвларчу хьуьнчохь тIелатар динера дарбан бецаш лехьочу меттигерчу шина вахархочунна. Шиннах цхьаъ вийра, Дзицоев лаьцна дIа а вигина, етта а етташ, ларми чохь латтийнера. Цунах ахча делча бен маьрша ца ваьккхианера иза.
Чаниевца цхьана хилла бохург шен хан а текхна, набахтера араваьлла, важа шиъ федералан лехамашкахь ву. Чаниевн адвокаташа цунна дуьхьалдаьккхина гIуллакх бух боцуш ду аьлла.