Таджикийн муфтийс бокс "хьарам спорт ю" аьлла
Таджикийн кегийрхой бакъахьачу спортаца хила беза, масала, латар, цо сица а, дегIаца а кхиадо адам. "Оцу спортан кепаша бохьу кхиамаш оьшура вайн тIекхуьучарна, дозаллица пачхьалкхан байракх ойбуш, къоман а, пачхьалкхан а имидж хьала а йоккхуш, - билгладьаккхина Iабдулкъедирзодас.
Хьалхо изза, бусулбанашна бокс, кикбоксинг йоьхкуш фетва кхайкхийра ГIезалойчоьнан муфтийс Самигуллин Камила а. Хьажар а къилахь ду элира Самигуллина оцу спортан кепашка