Террорхойн могIарш дузучарна дуьхьал къийсам боло дагахь ву Евкуров
Цо бахарехь, терроран зуламашна дуьхьал профилактика ярхьама кечъеш ю цу кепара дружинаш. "Къаьсттина кегийрхой гуллучу социалан машанашкахь бан безаш бу цара и болх", - аьлла Евкуровс.
Цунна хетарехь, динан Iилма довза кхианза кегийрхошна тIеIаткъам бо вербовка ечу наха, яздо "Керланаш" агенталло.