Нахана юкъахь никъаб а, бурку а лелор дихкина Данехь
Иза цкъа дохийначунна 1 эзар Данин кронашкахь (160 гергга доллар) гIуда тухур ду. ШозлагIа а ца лардахь, 10 эзаре хьалабоккхур бу гIудан барам. Данин бахархоша лардина ца Iаш, тIеоьху туристаш а декхаре хир бу и низам лара. The Local Данин гIирсо яздарехь, полисхоша нуьцкъаша йохур яц юьхь лачкъийначеран коьртара хIуманаш, цаьрга шайн цIа гIо эр ду. Генахь бехарш полисхоша шайн декъе дIабуьугур бу, цигара аьтто хир бу гергарчийн шайн нах дIабига.
Amnesty International организацино критике даьккхина тIеэцна низам, бусулба зударийн бакъонаш хьоьшу цо аьлла. Данин Iедалхоша билгалдоккху, низам хьиджабаш лелорна я кхечу кепара динан духар лелорна дуьхьал ца хилар.
Яххьаш дIалечкъош, коьрта хIуманаш тахкар дихкина хьалхо Австрехь, Белгехь, Францехь, Швейцарин а, Испанин а цхьайолчу кIошташкахь а, иштта Канадан Квебекехь а.