Муцураевн йиш бахьанехь гIуда тоьхна Невран кIоштарчу вахархочунна
Прокуратуран белхахошна иза хиина интернетехь таллам беш.
И бахьана долуш и стаг бехке вина экстремистийн материалаш яржорна. Невран-кIоштан суьдо 150 туьма гIуда тоьхна цунна.
Муцураевн аз дика девзаш ду Нохчийчохь хьовха, ерриг а Оьрсийчохь а бардийн кхолларалла дукха езачу нахана.
20 сов шо ду иза дека цкъа дуьхьара тIеман аренашкахь, тIаккха магнитан ленташна, цул тIаьхьа CD дискашна, ткъа хIинца, коьртачу декъана, интернетехь иттаннаш сайташна а тIехь а, социалан машанийн агIонашкахь а.
Оцу хена чохь Муцураевн кхоллараллица жигара къийсам дIахьош ю Оьрсийчоьнан низамаш лардон система: полисхой, талламан комитетан белхахой, прокурораш, суьдхой.