Кадыровга латкъам бина Ойсхарарчу бахархоша
"Кавказский узело" дийцарехь, Ойсхаран бахархойн цIарх Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга бахьийтинчу кхайкхаман текст кхаьчнера церан SMS-сервисна тIе Стигалкъекъа-беттан 23-чу дийнахь.
Цуьнан авторша кхайкхам бина Кадыров Рамзане, шайн эвларчу школашкарчу хьолана тIе тидам бахийтар доьхуш.
Тайп-тайпанчу хьашташна ахчанаш вовшахдетта аьттонаш бац шайн, аьлла яздина цара.
Ойсхаран администрацино далочу терахьашца, цигахь вехаш ву 11 500 стаг. Цу эвлахь кхо школа ю, доьшуш 3000 бер а долуш.
"Кавказан узело" дийцарехь, цара таллам бича школашкахь ахчанаш лехьош хилар бакъ ду, амма цу кхайкхаман авторш шайна муьлш бу ца хаьа, аьлла бахархаша