Гуьржийн демократин пачхьалкх кхоьллина 100 шо кхачар даздина Тбилисехь
Тбилисин Маршонан майданахь эскаре хьажар дIадаьхьира, НАТО-н Гуьржийчуьрчу Iаморан базехь дIатардинчу гуьржийн армин дакъоша а, Iамеркан тIеман говзанчаша а дакъа а лоцуш. Майданахь гулбелларш хьаьжира гуьржийн йозуш йоцу пачхьалкх дIакхайкхор гойтуш хIоттийначу сурте.
ЦIечу Армино 1921-чу шеран Чиллан-баттахь йохийна Гуьржийн демократин республика дIакхайкхийнера Тбилисехь Руставели Шотан проспектерчу гIала-хIусамехь 1918-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 26-чу дийнахь Оьрсийчоьнан вевзаш волчу социал-демократин боламан декъашхочо Жордания Ноэс.