Черкасов: Кадыровс Титиев Адамах дуьйцург цкъачунна тIечIагIдина дац тоьшаллашца
Черкасовс, Маршо Радиона интервью луш, цкъачунна комментари а йоцуш битира Титиевн Адам лаьцна боху хаам. Цо дийцарехь, Кадыровс дуьйцург цкъачунна тIечIагIдина дац тоьшаллашца.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIдарехь, Титиев Адам лаьцна ши де хьалха. Ткъа наркотикаш лелорна иза дуьххьара чувоьллина хилла 2001-чу шарахь Дагестанерчу кхело.
Кадыровс дийцарехь, изза зулам юхадарна Титиев Адам жоьпе озийна хилла 2011-чу шарахь Нохчийчохь.
Титиев Оюб лецира Нохчийчохь кхушеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь, цуьнан машенчохь наркотикаш карийна аьлла. Бакъонашларъярхочо ша бехке хилар керстдо. Цо чIагIдарехь, наркотикаш цуьнан машенчу тесна полисхоша.