Титиевн вешин кIант лаьцна Нохчийчохь наркотикаш латторна
Кадыровс чIагIдарехь, Титиев Адам лаьцна ши де хьалха. Ткъа наркотикаш лелорна иза дуьххьара чувоьллина хилла 2001-чу шарахь Дагестанерчу кхело.
Кадыровс дийцарехь, изза зулам юхадарна Титиев Адам жоьпе озийна хилла 2011-чу шарахь Нохчийчохь.
Титиев Оюб лецира Нохчийчохь кхушеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь, цуьнан машенчохь наркотикаш карийна аьлла. Бакъонашларъярхочо ша бехке хилар керстдо. Цо чIагIдарехь, наркотикаш цуьнан машенчу тесна полисхоша.