Титиевн гIуллакх тидаме эцна Макрона
Бакъонашларъярхочо дийцина Францин президенте Титиев Оюбан гIуллакхах а, Къилбаседа Кавказехь "Мемориалан" векалаллашна тIелетарш деш хиларх а лаьцна.
Черкасов дийцарехь, Макрона тидаме ийцира Титиевн гIуллакх, яздо "Кавказский узело". Черкасовс дийцарехь, Францин президент юхахоьттуш а, цхьацца хIума къастош а хилла. Сатесна ву, ша иза эрна ца хиларе, боху Черкасовс.