Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


Леш лаьтта оьрсийн юрт денйина бусалба мигранташа

Мировалев Мансур

Рождествено, Оьрсийчоь – таджик Солиев Назим тешна ву ша кхузахь оьшуш хиларх


Аьлча а, ша ву, боху Тверна гергахь дIатарвеллачу 35 шо долчу таджико (иза Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхех уггаре къечу Таджикистанера веъна), дакъазъяьлла оьрсийн юрт лечуьра кIелхьаръяккхинчех.


"Кхуза тхо ховшар гIолехьа ду китайхой баьржачул, - элира дийнахь шина ражехь болх беш, школехь пеш ягочу, Таджикистанерчу барамашца дуьстича, ши алапа – 200 доллар - оьцучу Солиевс.


Оьрсийн мотт цIена буьйцуш а, Хайям Iумара язйина байташ оригиналехь, фарси маттахь, дагахь хууш а ву иза. Цо а, кху ткъеха шарахь и санна Таджикистанера схьакхелхинчу кхечу 46 доьзало а шозза совдаьккхина Рождествено юьртахь бехачу нехан терахь – 200.


Солиевс болх бечу школехь доьшучу берех ах цуьнан къомах ду – таджикаш. Килса уллехула бовлий, туькана лелачу зударшлахь массарел дукха гуш болу еха кучамаш, даккхий корталеш леладе зударий а бу цуьнан къомах.


ГIаланашка, ярташка миллионашкахь буьссучу Юккъерчу Азин векалша зама гена ялале хуьйцур ду Оьрсийчуьра этникан сурт.


Мигранташна Iоттар а еш, и ойла къадайо Рождественохь а, гонахарчу ярташкахь а бехачу оьрсаша.


"10 шо даьлча ярташ елла дIаевр ю, я кхечу пачхьалкхера баьхкинчу нахана юьсур ю", - боху шен тайпан цIе ца яьккхинчу Виктор Ерофеевича. Иза луларчу 12 кIур богучу Бортниково юьртара ву.










142 миллион вахархочух лаьттачу Оьрсийчохь статистика лелочу хьукматаша бахарехь, болх лоьхуш схьалестачу мигранташа демографи хуьйцуш лаьтта пачхьалкхехь.


Шерашкахь Оьрсийчоьнан миграцин урхаллехь куьйгалхочун гIовс лаьттинчу, хIинца "XXI бIешеран миграцин фонд" олучу аналитикан центран коьртехь волчу  Потавнин Вячеславна хетарехь, тахана лелачу миграцин боламо дагадоуьйту 13-чу бIешарахь гIезалой-монголаш баьржаш лелларг.


"Дан дуьсург килсаш яхкар ду", - боху Потавнина, амма цо а тамаша бу хьал хийцахь, "бусалбанийн демографи ю кхуьуш".


Оьрсийчоьнан бахархойх цхьана декъанна хетарехь, Кремло некъ бехка беза мигранташна, вукхара бахарехь, уьш царна шайнна къастийначу меттигашка бен бита а ца беза. Иштта боху Оьрсийчоьнан информацин ВЦИОМ хьукмато. Йозуш йоцчу Левада-Центро бинчу талламо гойту Оьрсийчоьнан бахархойх хIора воьалгIаниг резавоцийла миграцин барамашна, къаьсттина ца тов царна шайн пачхьалкх "азиаташа дIалоцуш латтар".


Яссалуш ю Оьрсийчоь


"Дуьненан урбанизацин преспектива" цIе йолчу шен талламехь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино хаамбо, кху ханна Оьрсийчоьнан ярташкахь  37 миллион стаг веха, амма и терахь 2050 шарахь 22 миллионе охьагIур ду, бохуш.


Тверь-махкаца, Ийдал-хица хьала-охьа ваьлча, кху Рождествено юьртанна гонах хьаьжча го леш лаьтта оьрсийн ярташ.


Массанхьа а санна ду кхузахь – бац болх, кIезиг до бераш. Хьалха Оьрсийчоьнан хатI кхоьллина йолу, Балтикера Тийначу хIорда тIекхаччалц мехкаш олалле эцна йолу паччахьан шахьар Тверь ша а яц даладелла ехаш тахана.  


Ярташ яссаяла юьйлаелира шайна школаш, дрбан хIусамаш ца тоьучу даьлча.  2010-чу шарахь багарбира Оьрсийчуьра бахархой.  36 эзар юьрт ю пачхьалкхехь, царалахь иттех доьзалх бен яц лаьтташ 9 эзар юьрт. ТIаьххьарчу заманахь ярташкара гIаланашка дIабахана 20 эзар нах.


Рождествено юьртана, луларчаьрца дуьстича, ирс кхаьчна мелла а - гонах дийна го латта, дукха хан йоццуш дийгIина цигахь даькхнийн синтарш. Хаало юьрт кхуьур йолуш а, хазлур йолуш а юйла.




Къаной пенсино кхобу. ГIала бовдаза бисинчу кегийчара картол йоь керташкахь, хьаннашкахь цIазамаш лехьадо, лахьийнарг юхку гIаланашкара богIучу нахана.


"Соьга хIун далур ду, муха даккхалур ду ахча? Лаьттара, хьуьнхара цхьацца ораматаш а юхкуш волу-кх хене", - боху Нестерово юьртарчу, кIена вацахь а, багахь цергаш а йоцчу  Владимира. Хьанъеллачу кучахь, тIон некъахь лаьтта иза, советан Iедал долуш лелларг дага а лоьцуш.


"Берриг юьртабахам, хьаьтта, даьхни хIаллакдина. ХIора йоккхачу стеган бара етт, уьстагIий. ХIинца цхьанненан а бац. Ур-атталла котамаш а яц".


"Ма кхера къахьега"


Рождественора таджикаш берраш а санна  бу цIера Ломан Бадахшанера – Таджикистанан уггаре а къечу махкара.


Советан Iедал доьхча баьржинчу мигрантех уггаре дукха буй-те аьлла бу таджикаш – бIеннийн эзарнийн ду Оьрсийчоьнан паспорташ.


20I0-чу шерахь нах багарбеш гучудаьлла Оьрсийчуьрчу ярташкахь бехачу таджикийн, гIиргIазойн терахь доьазза лаккхадаьллийла.


Амма тергамза буьсу ханна богIуш-боьлхуш лела мигранташ, я шаьш терахьаш а дац долчу суьртаца дуьззина догIуш, нийсса тергалдан хала ду, боху Москох Экономикан лакхарчу школан талламийн центран векало Чернина Евгенияс.


Гонахарчу бахархоша дийцарехь, Рождественохь таджикаша цхьа а меттиг ца юьту шайх маьрша, ахча даккха йолу таро ерриг а караэцна. Меттигерчу нахаца цхьаьна лехьадо хьаннашкахь мерза ораматаш, у, дечиг доккхучу меттигашкахь, автобусаш, машенаш лелош, даьхни кхиош болх бо.


"Уьш ца кхоьру къинхьегамах. Оцу тIехь пайде бу бухарчу нахал", - боху Тверан мэро Кирдановс.


Иммигранташа тодина кхаа гIатах лаьтта массех цIа. Иза деса, тесна лаьттара. Цара эцна нахера тишделла цIенош, школа юьзина шайн берех – юьрт самаяьккхина.


Юьхьанца шаьш кхоьрура таджикаш юьрта баржийта, тIаьхьо дуьйлира царех, дуьйцу рождественохоша-оьрсаша.


Пайравшо Тверехь дечиг, кибирчик Iалашъечу фирмехь хьаькам ву. Дов даьлла, эшча, таджикашний, оьрсашний юкъахь маслаIат дечу кхойкху иза.







"Юкъахь дов иккхича, со волчу богIу, оха луьсту", - дуьйцу цо.


Масала, таджикийн божарийн дац зударий лоруш, аьлла долийра юьртахь оьрсаша, Кирдановс хьийхира шен нахана и агIо тергаъяр, зуда кхузахь божаршца цхьабосса юйла, бакъонашца эшош йоцийла. Цул тIаьхьа зударшца леррина гIиллакхе лела бевлира таджикийн кегийнах.


Рождествено –бахархойх дукхахберш таджикаш болу юьрт. Массаьргахь санна ду цIен оьрсийн паспорташ. Пайравшос доцца дуьйцу юьртахойн политикан хьежамех лаьцна – "уьш массо а боьлху харжамашка". Цара, кхиболчу бахархоша а санна, доккхачу декъанна "Цхьааллин Оьрсийчоьнехьа" тосу кхаьжнаш…


"Хьалханчаш бу тхан кхузахь, цара алссам нах боху харжамашка ара", - боху Пайравшос.

Читайте на сайте

Другие проекты от 123ru.net








































Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net