Титиев лоцуш низамаш ца дихийна, боху полисхоша
Полицин куьйгалло делла жоп фейсбукехь зорбане даьккхина "Къизаллашна дуьхьалояран комитетан" талламийн декъан куьйгалхочо Бабинец Сергейс.
Нохчийчуьрчу низамаш лардочу органашка шайн комитетан цIарх латкъам бинарг вара Бабинец.
Титиевн адвокаташ тIера ца бовлу цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх леррина кхоьллина ду, ткъа наркотикаш машенчу кхиссина ю бохучунна.