Зудий-майрий дийна ши йиша лаьцна ГIалгIайчохь
Маршо Радионо дийцина ма хиллара, герз тоьхна, вийначу ГIалгIайчуьрчу вахархочуьанан дакъа карийнера Назранан йистехь машенчохь.
Болчу хаамашца, коьртах тапча тоьхна вийначу 49 шо долчу меттиегрчу вахархочун дакъа Toyota Corolla машенчохь гучудаьлла керла гIишлош йолийначу кIоштахь дIадаханчу кIиранах еарин дийнахь. Оцу меттигехь карийна кхийсинчу патармийн чкъоьргаш а, 9 миллиметр йолу даьндарг а, машенан кехаташ а.
Назранан кIоштарчу Экажево эвлара ву вийнарг. Цуьнца машена чохь хилла цуьнан хIусамнана а.