Iамеркан "Джавелин" зуьйш хьаьжна Порошенко
"Джавелин" муха ю дуьххьара хьаьжна Украинехь шинарин дийнахь. Массо а ракета кхета езачу дIакхетта. Порошенкос билгалдаьккхина, Iамерко делла герз лело шайн эскархой дика кечбина хилар.
Украинин президенто дIахьедар дина, "Джавелинех" шаьш пайда оьцур хиларх лаьцна, нагахь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш Украинин эскаран позицешна тIебуьйлалахь.